«Региональни дакъа лакхарчу школазхочун патриотически оьздангалла кхетош-кхиоран коьрта хьост» ц1е йолу Устрада-г1алин 8-г1а лоьмар йолчу «Сказка» берийн бешахь лакхарчу тобанашкахь д1аяхьа лерина с

16.01.2023

Муниципальное бюджетное дошкольное образовательное учреждение "Детский сад №8 "Сказка" г. Аргун"

Лераме хьеший,тхан белхан накъостий, де дика хуьлда ,

марша а дог1ийла!

Х1ора а, нохчичйун сица а, ц1ийца а ду ша схьаваьлла орам хаар, дай баьхна латта, шеен Даймохк безар, цуьнга уьйр-марзо хилар а.

Ткъа къаьсттина доккха хьуьнар ду, дуьненахь чолхечу хьелаша хьовзийначу халонех къаьхкина, атто лоьхушшен дай баьхналаьмнаш, латта, х1усам д1атесна, шен дег1ана парг1атоне ца кхийдар, нохчийн шира кхерч, кхерчахь йогу  ц1е, дайн г1иллакхаш ца дицдеш нохчийн х1усамехь, нохчийн махкахь вахар.

Аганахь дуьйна дIаболало беран ненан матте, цултIаьхьа шеен халкъе, махке а болу безам. Ненан куьйгийн йовхо, меттан 1аь, чомехь кхача дег1аца а, сица а болуш кхиодезара бераш, телефонаш кара а елла, цу чохь йолчу х1у ю ца хуучу мультфильмех 1ехаделча, даккхий дуьйш 1ен ца дезар вай .

Халкъо иттаннаш шерашкахь шеен дахарх чекх даьккхина муьлхха а дика хIума вай дIатасахь, халкъ а шеен сица цамгар йолуш хуьлу, и цамгар дег1ах а, синах а д1акъасто дарбанча а воцуш.

Тахана, бусалбалла, нохчалла – и шиъ цхьаьна хилийта Iалашо йолуш болх беш къахьоьгуш ву Нохчийн Республикин куьйгалхо Кадыров Ахьмад- Хьаьжин Рамзан. Цу тIехь, вайна хууш ма-хиллара, кхиамаш а бу.

«Бераллехь Iамийнарг тIулга тIеяздина йоза сана ду», – олуш ду. Цундела хIинцца, кханенашца йохкуш, Даймахке шовкъ-безам болуш кегийрхой кхиор дIадахьадеза массо а т1ег1анехь. Мила ву уьш кечбан безарг, оцу гIуллакхан жоьпалла шена тIехь дерг а?

Уггаре а хьалха – дай-наной, тIаккха – берийн бошмаш кхи д1а а. Мотт, гIиллакх, диндIадаьллахалкъ, синош бен цадуьсуш, мацах цкъа дара, бохуш, къамелаш бен цадуьсуш, дIадолу, доьдоцуш.

Оцу aгlopхьаьжча, берийн бошмаш тахана халкъан меттан, гIиллакх-оьздангаллин пхьалгIа, хьоста, орам, лард ахилла, дIахIоттаеза. Кхетош-кхиорхой кийча хила беза (лаамца, хьекъалца, хааршца, хьежамашца) халкъан и сийлахь гIуллакх дIакхехьа а, даржоа,чIагIдан а.

Даймахке болчу безаман йовхо а, дIалушболу кхерч а хила беза берийн беш, кхерчан йовхо латториг, ларйийриг кхетош- кхиорхой а болуш.

Цо олучу дашах, буьйцучу маттах, цуьнан гIиллакхех, Даймахке болчу безамах, Iилманах доьзна ду къоначу чкъуран хиндерг.

Диъ хIума ду дуьнен чохь даима а цхьаьна хила дезаш, вовшах даха йиш йоцуш: «Даймохккий, Ненан Моттий, Динний. Халккъий.»

Шен динца, махкаца, гIиллакхашца, оьздангаллица зIе, уьйр, шовкъ-безам боцург кхераме ву, х1унда аьлча цуьнан зIе яц шеен махкаца, халкъаца.Доцца аьлча, вайн къоман оьздангалла (культура) ю яржо езарг. Уггаре а хьалха чIагIбан беза нохчийн доьзал. Доьзалехь гIиллакхаш дIадевлча, доьзал боьхча, духуш дукъам.

Доьзалехь цаларбелла бехкамаш, гIиллакхаш, дин, юкъараллехь муххале а ца ларло.

Доьзалехь дийца деза-йиша-вешех, ден-ненан сий-пусар дан дезарх, лулахочуьнца, юьртахочуьнца,  махкахочуьнца, кхечу къоман векалшца хила езачу юкъаметтигех лаьцна.

Уьш дерриге а адамашлахь, юкъараллехь вахавезачу стагана ша вела дIаваллалц оьшуш ду. Тахана вайн берашна хаза деза даймехкан иллеш, дийцарш,берийн бошмашкахь дуьйна. Царна дуьйцурш хила деза шайн къоман туьйранаш, кицанаш, болийта беза къоман берийн ловзарех.

Тахана вайн берийн бошмашкара кхетош- кхиорхошна т1ехь доккха жоьпалла ду. И зIе меттахIоттор, чIагIъяр угар хьалха берийн бошмашийн декхарду. Цундела, ас лакхахь ма аллара вайн массери декхарду –Даймохк, Ненан мотт, дин, халкъ, лардар, церан г1иллакхаш 1алаш дар.

Дерзош ала лаьа сун ,Аллах1а и хьалакхуьу чкъорий манехь долуш,

беркате, оьзда, дайшна- наношна муьт1ахь долуш, махкана пайдехь долуш кхио пурба лойла вайна.

Бусалбанаш долуш , Нохчий долуш, вешан къоман хазачу гIиллакхашца дахар а, декъалхилар а лойла, вай Кхоьллинчу Аллах1 Дала! Сийлахьчу Аллах1о, ша вовза ма веззара вовзар, веза мА веззара везар ойла! Вовшех дашар, дезар лойла вайна!

Массарна ладог1арна  Аллах1реза хуьлийла! Х1ар вай цхьаьна кхетар беркате Аллах1 дойла !!!

Муниципальное бюджетное дошкольное образовательное учреждение "Детский сад №8 "Сказка" г. Аргун"